БЕНОЙН ИЛЬЯС. ХЬАЬЖИН ВЕРАС - ДОКУМЕНТАЛЬНИ-ИСБАЬХЬАЛЛИН ФИЛЬМ - ГРОЗНЫЙ ТЕЛЕКАНАЛАН ЭФИРЕХЬ!

“БЕНОЙН ИЛЬЯС. ХЬАЬЖИН ВЕРАС“ - ДОКУМЕНТАЛЬНИ-ИСБАЬХЬАЛЛИН ФИЛЬМ - “ГРОЗНЫЙ“ ТЕЛЕКАНАЛАН ЭФИРЕХЬ! “Грозный“ НПТРК-н журналисташа бина мехала талламаш. Устазан Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле тайойла цуьнан) коьртачу векалан Арсангирин Ильясан дахарх а, кхалхарх а лаьцна чулацаме болх. Муха хилира Бенойн Ильясан а, кхиболчу муридийн а шайн Устазана тlаьхьа махкахбовлар? Хlун халонаш лайра цара цу новкъахь? Муьлха къайленаш йосту архиван ширачу кехаташа? Нохчийн lилманчаша биначу талламан балхах пайда а оьцуш, тхан съёмочни тобано йухаметтахlоттийра Соьлжа-Гlалара Новочеркасск-Гlала кхаччалц Хьаьжин муридийн некъ. Цунах беркат даьлла, билгалйелира ши бlе шо гергга хьалха Бенойн Ильяс дIавоьллина меттиг, цуьнца цхьана схьакарийра 66 муридийн даьIахкаш. Уьш хlинца НР-н Мехк-Ден Кадыров Рамзанан беркатца шаьш сатийсиначу махкахь лаьтте йерзийна. Цу дерригенах ма-дарра дуьйцу “Грозный“ телеканалехь гойтур йолчу “Бенойн Ильяс. Хьаьжин верас“ цlе йолчу фильмехь. Хьовса кестта! Source: ЧГТРК “Грозный“
Back to Top